Marsho Radio

МАРШОНАН ПОДКАСТ

News CE ↓ 132 episodes

Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, царах лаьцна дIахьедар стенна оьшу а.

Author

Marsho Radio

Category

News

Podcast website

podcasters.spotify.com

Latest episode

Mar 6, 2026

Where to listen?

Podcasts in the app Replaio Radio Coming soon

Podcasts are coming to the app soon. Install now and be the first to see a whole new take on podcasts

Get it on Google Play Install for free Android 5M+ downloads · 4.8 rating iOS soon

Episodes

ГIалгIайчуьра вахархочо хьехархо вийна Францихь | МАРШОНАН ПОДКАСТ #33 20.10.2023

ГIалгIайчуьра вахархочо хьехархо вийна Францихь, Украинана дуьхьал тIемаш беш хилла Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан къилбера а велларг пхи эзарал сов ву, шен пиаран дуьхьа Израилан а, Хамасан а тIамах пайдаоьцуш схьавогIу Кадыров– цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 33-чу подкастехь.

Хорватехь биссина нохчийн мухIажарш | МАРШОНАН ПОДКАСТ #32 13.10.2023

Израилна, ХЬАМАСНА йуккъерчу тIамах Кадыровс дIахьедар, КъурIан дагорна лаьцначун гIуллакхера керланаш, Хорватехь биссина нохчийн мухIажарш – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 32-чу подкастехь.

Кадырова Iайшат –вице-премьер а, мехкан халкъан артист а йу | МАРШОНАН ПОДКАСТ #31 06.10.2023

Соьлжа-ГIалара СИЗО-хь йеттарна бехкзуламан гIуллакх доло дуьхьал хиларх, Нохчийчохь хIусамехь гIело латторна йеддарг, Кадырова Iайшат –вице-премьер а, мехкан халкъан артист а йу. Цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 31-чу подкастехь.

ДIабохорах лаьцна дуьйцу книга йемалйина Нохчийчуьрчу Iедало | МАРШОНАН ПОДКАСТ #30 29.09.2023

КъурIан дагорна лаьцначунна йеттина волу шен кIант хастийна Кадыровс, дIабохорах лаьцна дуьйцу книга йемалйина Нохчийчуьрчу Iедало, Чимаев Хьамзат Эмираташка дIавахана – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 30-чу подкастехь.

"Ахматера" дов а, Кадыровн могушалла а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #29 28.09.2023

Кадыров Рамзанан могушалла, "Ахмат" спецназехь даьлла дов, Нохчийчуьра ши министр сада1а вахийтар, республикера лаккхарчу хьаькамашна пачхьалкхан совг1аташ далар – цунах а, кхиндолчух а дуьйцур ду Маршо Радионан 29-чу подкастехь.

Хангошвили Зеламха вийнарг хийца гIерта Путин | МАРШОНАН ПОДКАСТ #28 15.09.2023

Хангошвили Зеламха вийнарг хийца гIерта Путин, Нохчийчохь лачкъийнчу Лапунов Максиман хьокъехь Европан кхелан сацам, нохчийн жигархойн ненан Мусаева Заремин хан лахйар – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радионан хIора кIиранах арахоьцучу 28-чу подкастехь.

Бусулбанийн духаршна тIехула девнаш | МАРШОНАН ПОДКАСТ #27 08.09.2023

Бакъоларйархойн Къилбаседа Кавказера хьолах рапорт, 13 шо долу кIант лачкъон адвокатана кхерамаш тийсар, КадыровгIеран доьзална декъна керла совгIаташ, бусулбанийн духаршна тIехула девнаш – цунах а, кхиндолчух а хезар ду шуна Маршонан 27-чу подкастехь.

Кадыровн Iаткъам а, Пригожин дIаволлар а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #26 01.09.2023

Кадыровн Iаткъам а, Пригожин дIаволлар а, "Iазапашна дуьхьал Команда" арахьара агент ларар, Кадыровн кIанта "корматалла йолчу" ницкъахошлахь толам баккхар – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 26-чу подкастехь.

Iедалх ведда нохчо ГIиргIазойчохь лацар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #25 25.08.2023

Iедалх ведда нохчо ГIиргIазойчохь лацар, кадыровхоша лачкъийна йоI, нохчийн бакъоларйархо Янгулбаев лехамашка валар, – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 25-чу подкастехь.

Кадыровхоша тIеман гIирс бехар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #24 19.08.2023

ХIинжа-ГIалахь хиллачу лелхийтарийн бахьанаш, кадыровхоша а, Украинера Оьрсийчоьнан комедатуро а герзаш кхийсар, Кадыровн кIанта йиттина шена аьлла, КъурIан дагийначо бина латкъам – цунах, кхиндолчух а Маршо Радион 24-чу подкастехь.

Нохчийчохь Iазап лайначийн дийцарш | МАРШОНАН ПОДКАСТ #23 11.08.2023

Нохчийчохь Iазап лайначийн дийцарш, ЯнгулбаевгIеран гергарнаш Украине хьовсор, Кадыров Ахьмадна леринчу Казахстанерчу хIолламашна тIелатар дар, – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 23-чу подкастехь.

Украинхойн дозанера кадыровхойн пиар-операци | МАРШОНАН ПОДКАСТ #22 04.08.2023

Украинхойн дозанера кадыровхойн пиар-операци, Соьлжа-ГIалара дешархочунна полисхой тIаьхьабовлар, гIело латторах луьстучу гIуллаккхна йукъараваьлла суьдхо – цунах а, кхиндолчух а дуьйцур ду оха Маршонан 22-чу подкастехь.

Нохчийн политикан гергарниг Украинерчу тIаме хьажийна Кадыровс | МАРШОНАН ПОДКАСТ #21 28.07.2023

Нохчийн политикан гергарниг Украинерчу тIаме хьажийна Кадыровс, иллиалархочун Бакаев Зеламхин гIуллакхехь керла хаамаш гучубевлла – цунах лаьцна а, кхиндолчух а хезар ду шуна Маршонан 21-чу подкастехь.

Даймахка даьхкинчу нохчийн берашна герз кхийса Iамор | МАРШОНАН ПОДКАСТ #19 14.07.2023

Даймахка даьхкинчу нохчийн берашна герз кхийса Iамор, Кадыровн вешин кIантана орден йалар, Нохчийчохь тIом бина волу лакхара даржера эскархой вер – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 19-чу подкастехь.

Нохчийчохь динчу тIелатарах Iедалхошна хетарг | МАРШОНАН ПОДКАСТ #18 07.07.2023

Журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а йиттича Iедалхошна хеттарг; дукха ваха ца лаьа Кадыров; дIахецна адвокат Идалов – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду Маршонан 18-чу подкастехь.

Оьрсийчоьнан къилбера Пригожинан гIаттаман тIаьхье | МАРШОНАН ПОДКАСТ #17 30.06.2023

Оьрсийчоьнан къилбера Пригожинан гIаттаман тIаьхье, Дагестане вахана Путин, доьзалера ницкъбарх йеддачу нохчийн йоьIан кхоллам, Нохчийчуьра къоьлла. Цунах а, кхиндолчух а дуьйцур ду оха Маршонан 17-чу подкастехь.

Кадыровн вешин кIанта нохчийн кегийрхошна кхерамаш тийсар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #16 23.06.2023

Кадыровн вешин кIанта нохчийн кегийрхошна кхерамаш тийсар, прокуратуро Мусаевина 5 шо хан хIоттор, Нохчийчуьра йолахо тIаме ваха цалаарна балхара дIаваккхарна тIетайна кхел. Цу дерригенах а, кхиндолчух "Маршо" радион 16-чу подкастехь.

Кадыровхоша тIеман министраллица дина контракт | МАРШОНАН ПОДКАСТ #15 16.06.2023

Кадыровн накъост Делимханов Адам лазийна аьлла хаам баржор, "Ахмат" тобано т1еман министраллица барт бар, кадыровхой Белгороде хьовсор, доьзалехь шен йинчу г1елонах йедда нохчийн йо1 - цу дерригенах, кхиндолчух а Маршо Радион 15-чу подкастехь.

Украинана дуьхьал нохчий бертаза тIаме хьийсор | МАРШОНАН ПОДКАСТ #14 09.06.2023

Оьрсийчохь тIом бан лууш ву Кадыров, нохчийн кортежна тIехула Гуьржийчуьра къийсамаш, Украинана дуьхьал нохчий бертаза тIаме хьийсор – цу дерригенах а, кхиндолчух а "Маршо" Радион 14-чу подкастехь дуьйцур ду.

Кадыровхой "ДНР" олучу метте дехьабахар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #13 02.06.2023

Кадыровхой "ДНР" олучу метте дехьабахар, Нохчийчоьнан куьйгалхочун, ЧВК "Вагнеран" долахочун гергарло дохорхьама Кремло лелориш, адвокат Идалов дIалаьцначохь кхин дIа а витар, Нохчийчуьра Арсамиков Идрис лачкъорна гIуллакх цадолор - цу дерригенах а, кхиндолчух а дуьйцур ду "Маршо" радион 13-чу подкастехь.

"Яндекс.Таксина" дуьхьала Нохчийчохь йина рейдаш, Закаевн вешин кIант лачкъор | МАРШОНАН ПОДКАСТ #12 26.05.2023

Оьрсийчуьра араволуш кадыровхо дIалацар, нохчочунна депорт йаран кхерам, Закаевн вешин кIант лачкъор, Хорватехь нохчийн мухIажар маьршаваккхар, "Яндекс. Таксина" дуьхьала Нохчийчохь йина рейдаш - цу дерригенах а, кхиндолчух а "Маршо" радион шийтталгIачу подкастехь дуьйцур ду.

Украинехьа тIом бина нохчийн тIемало Соьлжа-гIала йухаверзар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #11 19.05.2023

Доьзалехь Iазап лайначу ГIалгIайчуьрчу йоьIан дIакхалхар, Украинехьа тIом бина нохчийн тIемало Соьлжа-гIала йухаверзар, Кадыров Рамзанан Чехера говр лачкъийна, цIайалор, ХIирийчохь къизаллийца адам дийна полисхо набахтера арахецар - цу дерригенах а, кхиндолчух а "Маршо" радион цхьайттaлгIачу подкастехь.

Иракъерчу набахтехь Къилбаседа Кавказерчу зударша кхайкхийна мацалла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #10 12.05.2023

Йийсаре кхачарна Кадыровга гечдар дехар, Иракъерчу набахтехь Къилбаседа Кавказерчу зударша кхайкхийна мацалла, кхин а цхьа нохчийн оппозиционер федералан лехамашка валар - цу дерригенах а, кхиндолчух а дуьйцур ду Маршо Радион иттолгIачу подкастехь.

Пригожин "сацон" лерина болу нохчийн Iедалхой, Нохчийчуьра вахархочо шена гечдар дехар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #9 05.05.2023

"Iазапехь лаьттачу къаьмнашна" тIехIутту эскар вовшахтоха Кадыровна дагадар, Пригожин "сацон" лерина болу нохчийн Iедалхой, Нохчийчуьра вахархочо шена гечдар дехар, "терроризмаца къийсам латторна" Кадыровн невцана дина совгIат - цу дерригенах а, кхиндолчух а дуьйцур ду Маршо Радион иссолгIачу подкастехь.

Гуьржийчохь дIалаьцна ПIаьнкIазан чIожера вахархо | МАРШОНАН ПОДКАСТ #8 28.04.2023

Украинин кхерамзаллин урхалло нохчийн парламентан куьйгалхочуьнга кховдийна шеконаш, Хорватерчу нохчийн мухIажарша кхайкхийна мацалла, Францера нохчо араваккхар - цу дерригенах, кхиндолчух а "Маршо" радион бархIолгIачу подкастехь.

Listen to the МАРШОНАН ПОДКАСТ podcast in Replaio

Radio and podcasts in one app - free, with no sign-up. Install today and do not miss the launch

Get it on Google Play

Replaio is not a podcast publisher; show names, artwork and audio belong to their authors and are distributed through public RSS feeds.