Marsho Radio

МАРШОНАН ПОДКАСТ

News CE ↓ 132 episodes

Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, царах лаьцна дIахьедар стенна оьшу а.

Author

Marsho Radio

Category

News

Podcast website

podcasters.spotify.com

Latest episode

Mar 6, 2026

Where to listen?

Podcasts in the app Replaio Radio Coming soon

Podcasts are coming to the app soon. Install now and be the first to see a whole new take on podcasts

Get it on Google Play Install for free Android 5M+ downloads · 4.8 rating iOS soon

Episodes

Оьрсаша вийначу хIусамдех компенсаци йоьху 24 шо ду нохчийн зудчо | МАРШОНАН ПОДКАСТ #58 12.04.2024

ЧВК "Вагнеран" йолахой "Ахматехь", лачкъийначу Сулейманова Седин гIуллакх дерзор, кадыровхоша лачкъийна волонтер СИЗО-хь кхалхар, оьрсийн салташа вийначу хIусамдех 24 шарахь компенсаци йаккха хийза нохчо – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 58-чу подкастехь.

Нохчийчуьра вахархо полицихь кхелхина | МАРШОНАН ПОДКАСТ #57 05.04.2024

Нохчийчуьра вахархо полицихь кхелхина, Тепсуркаевн гIуллакх Европан кхеле кхаьчна, ткъа Бельгира депортацин набахтера арахецна нохчийн мухIажар – цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду Маршонан 57-чу подкастехь.

ПIаьнгазан чIожера имамах "Кадыровн агент" аьлла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #56 29.03.2024

Теракт йинчул тIаьхьа кадыровхошна совгIаташ декъна, ПIаьнгазан чIожера маьждиган имамах "Кадыровн агент" аьлла, лахара алапа оьцучийн рейтингехь йу Нохчийчоь – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 56-чу подкастехь.

Ичкерин агIончийн Белгородан кIоштара рейд | МАРШОНАН ПОДКАСТ #55 22.03.2024

Нохчийчуьра йезткъе ткъаяссна процент Путинехьа, Ичкерин агIончийн Белгородан кIоштара рейд, Соьлжа-ГIалахь "кхетош-кхион хьехамашца" кхерамаш тийсар, лачкъийна йигинчу Сулейманова Седех хилларг цахаийтар – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду Маршонан 55-чу подкастехь.

Джумаевн хьелаш чIагIдар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #54 15.03.2024

Омонхойх леттачу нохчин набахтера хьелаш чIагIдар, Къилбаседа-Кавказера волайнхоша бакъоларйархошка гIо дехар, шен накъостана урс диттинчу нохчийн эскархочунна кхо шо тохар – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 54-чу подкастехь.

Украинхойн йийсархой оьцу кадыровхоша шайчаьрца хийца | МАРШОНАН ПОДКАСТ #53 08.03.2024

Украинхойн йийсархой оьцу кадыровхоша шайчаьрца хийца, Украинерчу тIамана цхьана баттахь ши миллиард ахмиллиард (2,6 миллиард) сом дайъина Нохчийчохь, адамаш дехачу меттигехь 12 сахьтехь сов тIом бина гIалгIайн къайлахчу сервисаша.

Украино дIахьедина, ГIалгIайчоьнан дIакъаста бакъо хиларх | МАРШОНАН ПОДКАСТ #52 01.03.2024

КъорIан дагорна кхел кхайкхийна Соьлжа-ГIалахь Журавель Никитина, дуьненахь акцеш дIайаьхьна лачкъийначу Сулейманова Седигахьа, Сочихь лаьцна Навальный Алексейн безамна зезагаш дохку тренер, ткъа Украино дIахьедина, ГIалгIайчоьнан дIакъаста бакъо хиларх - цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 52-чу подкастехь.

Туркойчуьра нохчий арабохур бац аьлла ЭрдогIана | МАРШОНАН ПОДКАСТ #51 23.02.2024

Оьрсийчоьнан къилбехь Навальныйн безамна акциш дIайаьхьна, Нохчийчуьра бахархой Туркойчуьра арабохур бац аьлла ЭрдогIана, КъорIан дагорна бехкевинчу Журавель Никитина кхо шо ахшой доьху, ткъа Кадыровс шен гонна совгIаташ доькъу- цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 51-чу подкастехь.

Нохчийчохь полицина дина тIелатар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #50 16.02.2024

Нохчийчуьра полицина дина тIелатар, Москвахь герзаш диттинарг нохчо хила тарло, КъорIанца кхиазхочо бинчу "бегашна" тIехула икххина дов – цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршонан 50-чу подкастехь.

Алаудинов Апти а, z-националисташ а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #49 09.02.2024

Доьзалехь латточу гIелонах йедда Нохчийчуьра йоI йийна хила тарло, Кадыровн кIентан рогIера совгIат, "Ахмат" спецназан оьрсийн националисташца даьлла дов – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 49-чу подкастехь.

Делимханов Адаман инарла-майоран чин | МАРШОНАН ПОДКАСТ #48 02.02.2024

Делимханов Адаман инарла-майоран чин, Нохчийчуьра веддачу кIантана гIело йарх дийцар, Кадырв Адаман кхерамаш – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду оха Маршонан хIора кIиранах арахоьцучу 48-чу подкастехь.

Эскаран "сий дайарна" нохчочунна таIзар дар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #47 26.01.2024

Думин депутатаца Кадыровн дов, украинхойн дIалаьцначу Мелитополехь кадыровхойн тасадаларш, армин "сий дайарна" нохчочунна таIзар дар, Муцураевн иллеш даржочарна керла гIуданаш деттар. Цунах а, и доцчух хезар ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арайолучу 47-чу подкастехь.

Amnesty International-о доьху Кавказера мухIажарш дIа ма ло аьлла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #46 19.01.2024

Нохчийн эвлахь стаг вен хила тарлун бахьанаш; божаршца уьйраш йара аьлла, Нохчийчохь ницкъбина стаг махкара дIавахар; Къилбаседа Кавказера мухIажарш дIа ма ло аьлла бакъоларйархоша бина кхайкхам; Кадыровгахьа ша вуй дIахаийтинчу латархочунна критика йар – цунах а, и доцчух а ладогIа таро йу шун Маршо Радион 46-чу подкастехь.

МухIажар Албаков маьршаваккхар тIедожийна нохчийн диаспораша | МАРШОНАН ПОДКАСТ #45 12.01.2024

Америко санкцеш йухаэцахь, украинхойн йийсархой дIалур бу ша элира Кадыровс, амма тIаьхьо "троллинг" йара иза бохура. Даймахкахь гIело хьегийтинчу нохчочунна тховкIело йаларх сацам бийр бу Эрмалойчоьнан кхело. Кадыровн говр лачкъор толлуш гIо дехна Чехин полицино.

Шена дуьхьалболчаьрца йистйаккха аьлла Кадыровс | МАРШОНАН ПОДКАСТ #44 05.01.2024

Шена дуьхьалболчаьрца йистйаккха аьлла Кадыровс, терроризмана бехкевинчу Нохчийчуьра вахархочуьнгара францхойн махкалла дIадаьккхина, Венехь митинг хIоттийнера депортацин набахтехь нохчо кхелхинчул тIаьхьа.

Динна тIехула мацалла кхайкхийна нохчийн тутмакхо | МАРШОНАН ПОДКАСТ #43 29.12.2023

Нохчийчуьрчу Iедална пиар йарна лерина контент-центр, лачкъийна вигина боксехула дуьненан чемпион 10 баттахь лаьцна латтор, набахтехь хан токхучу нохчочо мацалла кхайкхор – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 43-чу подкастехь.

Швейцарин Iедалхоша депорт йийр йац нохчочунна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #42 22.12.2023

Швейцарин Iедалхоша Оьрсийчу депорт йийр йац Батаев Iелина, Кадыровн йоI – цхьана меттахь исс комиссина йукъайахийтина, ткъа ГIалгIайчохь виъ батIалхьажо лаьцна стаг верна бехкевина – цунах а, и доцчух хезар ду шуна Маршо Радион 42-чу подкастехь.

Кадыровн "дуьххьалдIа эфир" | МАРШОНАН ПОДКАСТ #41 15.12.2023

Нохчийчуьура кхел дуьхьал йу Мусаева Зарема маьршайаккха, цуьнан могушалла дика йоццушехь; Кадыров Рамзана дуьхьалдIа эфир хIоттийна, йуха а къобалдина цо КъорIан дагорна бехкевечунна йеттар, ишта кхерамаш тесна мехкан урхалхочо спортхошна а, блогершна а "нохчийн гIиллакх-оьздангалла бехдарна". Цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 41-чу подкастехь.

ООН-н конференцихь ду Кадыровн бераш | МАРШОНАН ПОДКАСТ #40 08.12.2023

Дубай конференци хьовсийна Кадыровн бераш, инарлаш бина Путина Украинехь тIом бинчу кавказхойх, бардан Муцураевн иллина тIехула дина таIзар – кхунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 40-чу подкастехь.

Палестинера мухIажарш Нохчийчохь | МАРШОНАН ПОДКАСТ #39 01.12.2023

Кадыров Адаман керла дарж, КъорIан дагорах лаьцна нохчийн имамашка хеттарш дар, ГIазза секторера Къилбаседа Кавказе баьхкина мухIажарш а – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна хIора кIиранах арайолучу Маршонан 39-чу подкастехь.

Нохчийн спортхошна дов дар, нохчийн Iедало ГIаззина гIо дарх дIахьедар | #38 24.11.2023

ГIазза декъе орца хьежорах Нохчийчохь дIахьедар, ГIиргIазойчоьнан кхело нохчийн жимстаг Мовлаев Мансур пачхьалкхера араваккха сацамбар, камерашна хьалха нохчийн спортхойн йуьхьйахар - цунах кхиндолчух дуьйцу Маршо Радион 38-чу подкастехь.

РогIера совгIаташ дар а, Кадыровн гергарнаш даржашка хIиттор а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #37 17.11.2023

Эрмлойчохь лаьцначу 21 шо долчу гIалгIайн йоIах хилларг, Нохчийчохь рогIера совгIаташ, даржаш декъар, Политковская Анна йерна гунахь ву аьлла чувоьллинарг маьршаваккхар а - цунах кхиндолчух дуьйцур Маршо Радион 37-чу подкастехь.

Нохчийчохь ницкъахоша рейд йина | МАРШОНАН ПОДКАСТ #36 10.11.2023

Белокиев Исламан 6-гIа бехктакхаман гIуллакх, 15 шо долчу нохчийн куьйгалхочун кIентан лаккхара дарж, вагнеровхой "Ахмате" дехьабовлар – цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршонан 36-чу подкастехь.

Кавказера антисемитизм а, совгIаташ доцуш виссина Кадыровн кIант а #35 03.11.2023

ХIинжа-ГIаларчу аэропортера къепедацарш, Нохчийчохь керла батальон кхоллар, КъурIан дагорна лаьцна волчу Журавелан кхел йуха а дIататтар – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 35-чу подкастехь.

Францихь вайнах бехкебар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #34 27.10.2023

Нохчийн юристана вен кхерам лаьттта, доьзалера гIелонах йеддачу ГIалгIайчуьра йоIана гIо дарна, Францихь кхиазхой бехкебина Израилан векалтана тIелата кечлуш хилла аьлла, UFC-н латархочунна Чимаевна кхоалгIа "Мерседес" йелла Кадыровс, ткъа мехкан урхалхочун кхиазхо волчу кIантана ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а лаккхара совгIаташ делла. Цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо...

Listen to the МАРШОНАН ПОДКАСТ podcast in Replaio

Radio and podcasts in one app - free, with no sign-up. Install today and do not miss the launch

Get it on Google Play

Replaio is not a podcast publisher; show names, artwork and audio belong to their authors and are distributed through public RSS feeds.