Marsho Radio
МАРШОНАН ПОДКАСТ
Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, царах лаьцна дIахьедар стенна оьшу а.
Where to listen?
Podcasts in the app Replaio Radio Coming soonPodcasts are coming to the app soon. Install now and be the first to see a whole new take on podcasts
Episodes
Австрехь дарбан цIийнехь волчу нохчочунна тIе ца буьту бакъонашларйархой | МАРШОНАН ПОДКАСТ #83 04.10.2024 12:29
Нохчийчохь йиттинчу Волгоградера студентан Журавель Никитин керла бехктакхаман гIуллакх, Кадыровн дIахьедарехь Брянскан кIоштан доза хадорах, Австрехь лаьцначу нохчочунна бакъоаларйархой тIе цабитар. Цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 83-чу подкастехь.
Дудаев Джохаран гергара стаг лачкъийна Нохчийчохь | МАРШОНАН ПОДКАСТ #82 27.09.2024 11:40
Дудаев Джохаран гергара стаг дIавигина Нохчийчохь, Wildberries-н офисехь герзаш диттинчарлахь кадыровхой бевзина, Абхазин пачхьалкх альлла шаьш дIакхайкхийначу махкара музейхь Басаев Шемилан суьртан гайтам дIакъевлина – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 82-чу подкастехь.
Мехкахбоцурш нуьцкъала тIамтIе хьийсабо Нохчийчохь | МАРШОНАН ПОДКАСТ #81 20.09.2024 10:31
ГIалгIайчуьра бахархой байъина Wildberries-н офисехь, "Ахмат" спецназан командир Алаудинов йуха а девна йукъахь нисвелла, Азербайджанан бахархой бертаза тIамтIе хьийсабо Нохчийчуьра - цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 81-чу подкастехь.
ДаIишца уьйраш хилла аьлла лаьцна нохчийн доьзал | МАРШОНАН ПОДКАСТ #80 13.09.2024 10:12
Британин вахархо Нохчийчохь хьийзош ву, нохчийн Iедална луьйш волчуьнгара ков-керт схьадаккха кхерамаш туьйсу, Украине хьийсочарна догIу ахча дIалуш дац – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арайолчу 79-чу подкастехь.
Британин вахархо Нохчийчохь хьийзош ву | МАРШОНАН ПОДКАСТ #79 06.09.2024 11:13
Британин вахархо Нохчийчохь хьийзош ву, нохчийн Iедална луьйш волчуьнгара ков-керт схьадаккха кхерамаш туьйсу, Украине хьийсочарна догIу ахча дIалуш дац – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арайолчу 79-чу подкастехь.
Украинхойн докъар арадаккхар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #78 30.08.2024 12:07
Килсана тӀелатар дан кечам барна шеконаш йолу нах лецна ГӀалгӀайчохь, Нохчийчохь тӀаме хьажийначу нехан терахь лакхадаьккхина, ткъа Кадыров Рамзанан кӀенташна керла совгӀаташ дели - цунах лаьцна а, кхин долчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион кӀиранан 78-чу подкастехь.
Путин Кавказехь хилира | МАРШОНАН ПОДКАСТ #77 23.08.2024 15:23
Путин Кавказехь хилира, Нохчийчуьра эскархо лаьцна Курскан кIоштахь къола деш, ткъа Австрихь миттинг хIоттийнера нохчийн диаспоро, Красиков дIаваларна дуьхьал, - цунах а, и доцчух а хезар ду шуна хIора кIиранах арайолучу Маршонан 77-чу подкастехь.
Украинхоша йийсаре лецна кадыровхой | МАРШОНАН ПОДКАСТ #76 16.08.2024 11:12
Украинхоша йийсаре лецна кадыровхой, Дудаев Джохаран сий деш мемориалан у схьадиллина Украинехь, Немцов вуьйш йукъархо хилларг Украинерчу тIамехь вац – цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радион 76-чу подкастехь.
Францихь, Германехь лецна нохчий | МАРШОНАН ПОДКАСТ #75 09.08.2024 11:23
Курскан кIоштахь "Ахматна" бехкаш дахкар, Нурмагомедовн Кремльца хила тарлу дов, Кадыровн гонна делла рогIера согIаташ а - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 75-чу подкастехь.
Хангошвилин доьзална хууш ца хилла Красиков хуьйцуш хиларх | МАРШОНАН ПОДКАСТ #74 02.08.2024 9:53
Нохчийн тIемалойн хьалханча Хангошвили Зелимха вийнарг хийцина, Белгородан кIоштахь кадыровхошна аьрзнаш дар, нохчийн миллиардеран Бажаев Мусан кIант лацар, Кадыров Рамзана хьиджабашна дуьхьал болчарна кхерамаш тийсар – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна хIора кIиранах арахоьцучу Маршонан 74-чу подкастехь.
Кадыров, wildberries а, цунна гонах мел дерг а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #73 26.07.2024 13:06
Wildberries-н гонах иккхинчу девна йукъа гIоьртина Нохчийчоьнан куьгалхо, Соьлжа-ГIалара талламан изоляторехь хан такха витина Журавель Никита, Украинера тIамехь кадыровхой хьалхатоьтту – цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 73-чу подкастехь.
Нохчийчоьнан "коьрта бренд" Кадыров Рамзан | МАРШОНАН ПОДКАСТ #72 19.07.2024 11:30
Нохчийчоьнан "коьрта бренд" Кадыров Рамзан, мехкан куьйгалхочун нуц шеконечу хьелашкахь набахтехь кхалхар, Дагестанехь теракт йинчул тIаьхьа лаьцначунна тIехь Iазапаш хьегар – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 72-чу подкастехь.
Францера нохчаша шайн махкахо вер талла аьлла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #71 12.07.2024 8:48
Никъабашна тIехула саццаза къийсамаш латтор а, "Францера нохчийн Йукъаралло" кхайкхам бина шайн махкахо вер таллар тIедожош, ткъа Кадыровн критикаша дIахьедина Нохчийчохь кхин а дуккха а нах лецарх. Цунах лаьцна хезар ду шуна Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 71-чу подкастехь.
Никъабаш лелор ханна Дагестанехь дехкар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #70 05.07.2024 9:32
Никъабаш лелор ханна Дагестанехь дехкар, Нохчийчохь шен гергарнаш лачкъийна бигарх оппозицин блогеро Халитов Хьасанан дIахьедар, Кадыровн вешин кIентан керла дарж – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 70-чу подкастехь.
ХIаллакдийр ду бохуш нохчашна кхерамаш туьйсу Кадыровс | МАРШОНАН ПОДКАСТ #69 28.06.2024 15:03
Дагестанехь герзашца дина тIелатарш а, церан тIаьхьало; Нохчийчуьра бахархошна Кадыров Рамзана кхерамаш тийсина; Евробертан санкцийн керлачу тептарехь йу Оьрсийчоьнан къилба а, Къилбаседа Кавказ а. Цунах а, и доцчух дуьйцур ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арахоьцучу 69-чу подкастехь.
Ростовера СИЗО-хь закъалтхой лийцира | МАРШОНАН ПОДКАСТ #68 21.06.2024 11:00
Ростовера СИЗО-хь закъалтхой лийцира, украинхойн талламхоша Нохчийчуьра эпсарш бехкебина тIеман йийсархошна тоьпаш тохарна, Нохчийчоьнан бюджетан ах дакъа Кадыровн куьйгакIел йолчу компанешкахула схьаоьцуш ду - цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 68-чу подкастехь.
Кадыровн кIентан Путинца хилла цхьанакхетар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #67 14.06.2024 8:44
Кадыровн I7 шо долу кIант Путин Владимирца цхьаьнакхеттера, нохчийн политикан тутмакхна Мусаева Заремина дуьхьало йина могушаллица доьзна хенал хьалха маьршайала, Украинан Iедалхоша бакъ ца до Сумской кIоштара эвла схьайаккхарх лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо дина дIахьедар, - цунах а, и доцчух лаьцна шуна хезар ду Маршо Радион 67-чу подкастехь.
Буденновскехь хилларг лаьцна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #66 07.06.2024 11:13
Францехь нохчий лецар, Мусаева Заремин хьокъехь Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацам, Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочунна Закаев Ахьмадана дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 65-чу подкастехь.
Францихь нохчий лецар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #65 31.05.2024 12:19
Францехь нохчий лецар, Мусаева Заремин хьокъехь Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацам, Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочунна Закаев Ахьмадана дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 65-чу подкастехь.
Кадыровн нах даржашкахь лакхабаьхна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #64 24.05.2024 12:53
Нохчийчохь дIайаьхьначу рейдашкахь лецначарех цхьаъ кхелхина, мехкан Iедал чIагIдина Кадыровс даржашка шен нах хIиттош, цIера йеддачу нохчийн йоьIан дас ша иза кхин дIа а лоьхур йу аьлла – цунах а, и доцчух хезар ду шуна Маршо Радион 64-чу подкастехь.
Даудов Мохьмада дарж охьадиллар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #63 17.05.2024 11:44
Нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада дарж охьадиллар, Кадыровн администрацин куьйгалхочун вешин кIентан Дубайра беза бахам, Нохчийчохь хьехархошна дронаш лелон Iамор, Соьлжа-ГIалахь хилла Гвинея-БисАуран делегаци а. Цунах а, и доцчух а лаьцна шуна хезар ду Маршо Радион 63-чу подкастехь.
Кадыров а, цуьнан могушалла а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #62 10.05.2024 11:28
Къилбан тIеман гонашкахь зарратан Iамораш дIакхайкхийна тIеман министралло; ша могуш хилар бакъдан хьийза Кадыров йуха а; полисхойн рейдаш дIайаьхьна Нохчийчохь – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 62-чу подкастехь.
Нохчийн мехкарех лаьцна концертехь забар йинчуьнга гечдар дехийтина | МАРШОНАН ПОДКАСТ #61 03.05.2024 9:00
Кадыров Адам –"спецназан университетан" куратор ву, Цакаевна аьлла керла дакъа вовшахтоьхна Соьлжа-ГIалахь, кIиранчохь шолгIа тоба тIамтIе хьажорах дIакхайкхийна Кадыровс – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 6I-чу подкастехь.
Нохчийчуьра орцан министрана гонахара дов | МАРШОНАН ПОДКАСТ #60 26.04.2024 14:00
Нохчийчуьра орцан министрана гонахара дов, Кадыровн метта хIоттон тарлучух лаьцна талламбар а, Нохчийчуьра хьал Кадыровс талхадо аьлла цхьадолчу зорбанашна хетар а – цунах а, доцчух а хезар ду шуна Маршонан 60-чу подкастехь.
Соьлжа-Галара кIоштана Путинан цIе тиллар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #59 19.04.2024 10:00
Кадыров а, "терроризм эшорах" бина кхайкхам а, Украинана дуьхьал тIом бан низамехь йоцу вербовка йар, тикток-эскарш а, Делимханов Адам а, иштта - Соьлжа-Галара кIоштана Путинан цIе тиллар а – цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 59-чу подкастехь.
Replaio is not a podcast publisher; show names, artwork and audio belong to their authors and are distributed through public RSS feeds.