Marsho Radio

МАРШОНАН ПОДКАСТ

News CE ↓ 132 episodes

Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, царах лаьцна дIахьедар стенна оьшу а.

Author

Marsho Radio

Category

News

Podcast website

podcasters.spotify.com

Latest episode

Mar 6, 2026

Where to listen?

Podcasts in the app Replaio Radio Coming soon

Podcasts are coming to the app soon. Install now and be the first to see a whole new take on podcasts

Get it on Google Play Install for free Android 5M+ downloads · 4.8 rating iOS soon

Episodes

“Ахматана” хьалха бехказвийла дезна Соловьев Владимиран| МАРШОНАН ПОДКАСТ #108 28.03.2025

Пропагадистан Соловьеван а Алаудиновн дов а, бохьна доьзалш цхьанатохар а, Сулейманова Седан лерина пикеташ а- цунах а, доцчуху а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 108-чу подкастехь.

Кадырова Iайшат а, минералан хиш а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #107 21.03.2025

Нохчийн оппозиционераша дийцина, полисхоша ницкъбина стаг валарх, Немцовн гIуллакхехула таIзар динарг Нохчийчу дехьаваьккхина, Кадыровс дIахьедина керла полк вовшахтоьхна аьлла – цунах а, и доцчух а дуьцур ду шуна Маршо Радион 107-чу подкастехь.

Интерполон лехамашкара дIаваьккхина Мадиев Муслим | МАРШОНАН ПОДКАСТ #106 14.03.2025

Нохчийчохь телеграм дIакъовлар, Кадыров Адаман керла совгIат, Мадиев Муслим Интерполон лехамашкара дIаваккхар –кхунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 106-чу подкастехь.

Терроризмана ахча латторна кхеле йо Соьлжа-ГIалара вахархочунна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #105 07.03.2025

Нохчийн эскархой украинхошкахьа дехьабевлла, Москвахь леттачу нохчашна хенаш тоьхна, Нохчийчохь кхел йоцуш нах байъарх лаьцна йаздинчул тIаьхьа "Новая газетана"кхерамаш тийсарна бина латкъам Европерчу кхело къобалбина – цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду Маршо Радион хIора кIиранах арайолучу 105-чу подкастехь.

Махкара дуккха а нах лечкъийна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #104 28.02.2025

Кадыров Рамзана велла дIаваллалц Нохчийчоьнан куьйгалхо хир ву ша аьлла дIакхайкхор а, Соьлжа-ГIалахь лецна латтон украинхойн йийсархой а, нохчийн йолахочунна пхи шо хан тохар а – цунах а, доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 103-чу подкастехь.

Нохчийн йолахочунна пхи шо хан тохар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #103 21.02.2025

Кадыров Рамзана, велла дIаваллалц Нохчийчоьнан куьйгалхо хир ву ша аьлла, цуьнан дIакхайкхор а, Соьлжа-ГIалахь лецна латтонукраинхойн йийсархой а, нохчийн йолахочунна пхи шо хан тохар а, – цунах а, доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 103-чу подкастехь.

Нус йийна Нохчийчуьра вахархо Украинана дуьхьал тIом бан хьажийна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #102 14.02.2025

Немцов Борис вуьйш йукъахь хилла Кадыровн гонера стаг Украине лестарх гучудаьлла журналисташна; кхо кIира а ду Мейриевс Бельгера набахтехь мацалла хьоьгу, нус йийна Нохчийчуьра вахархо Украинана дуьхьал тIом бан хьажийна – цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 102-чу подкастехь.

Полисхоша лачкъийначул тIаьхьа Нохчийчохь кхин цхьаъ а кхелхина | МАРШОНАН ПОДКАСТ #101 07.02.2025

Полисхоша лачкъийначул тIаьхьа Нохчийчохь кхин цхьаъ а кхелхина, доьзалехь латточу гIелонах йедда нохчийн йоI лаьцнера Казахстанехь, Швецино дIавала хьийзош ву нохчийн мухIажар – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду Маршо Радион хIора кIиранах арайолучу хIокху 101-чу подкастан декъехь.

Германехь Нохчийчуьра вахархо лаьцна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #100 31.01.2025

Депортаци йинчу Нохчийчуьра йахархочо кхелехь реабилитацин бакъо йаьккхина, Германехь Нохчийчуьра вахархо лаьцна, “Ахматан” тӀемалоша Белгородехь нехан хIусам эккхийтина, нохчийн оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина тоьхна хан дIайахйине.

Терроран гӀуллакх долийна Нохчийчуьра латархочунна дуьхьал | МАРШОНАН ПОДКАСТ #99 24.01.2025

Нохчийчуьра ийначу кепехь латархочунна дуьхьал даьккхина терроран гӀуллакх, гIалгIачо Мейриев Руслана Бельгерчу набахтехь мацалла кхайкхийна.

Закаевн кхайкхийна таIзар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #98 17.01.2025

Оьрсийчуьра баьхкина лаамхой Нохчийчохь йийсарехь, Ичкерин политикна Закаев Ахьмадна кхел йар, нохчийн кхиазхочун Москвара гIуллакх – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 98-чу подкастехь.

Полицихь ницъбина велла кIант | МАРШОНАН ПОДКАСТ #97 10.01.2025

Полицехь Iазап хьегна 19 шо долчу нохчийн кIентан кхалхар, Оьрсийчоьнан неонацистаца "Ахматан" командиран Алаудиновн хилла цхьаьнакхетар, оьрсийн совдегар вен гIоьртина аьлла, Нохчийчуьра латархо бехкевар – цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна хIора кIиранах арайолучу Маршо Радион 97-чу подкастехь .

Кадыровн посташна бухахь нохчийн хьаькамаша дитина йозанаш | МАРШОНАН ПОДКАСТ #96 03.01.2025

Адамаш дIасалелон кемана Нохчийчоьнан стигалахь дина тIелетар таллар, Кадыровн посташна бухахь нохчийн хьаькамаша дитина йозанаш, Нохчийчохь майнерш террорхойх "дIатохар" – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна хIора кIиранах арайолучу Маршо Радион 96-чу подкастехь.

Соьлж-ГӀала доьду пассажиран кема чудожар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #95 27.12.2024

Соьлж-ГӀала доьду пассажиран кема чудожар, Кадыровс шен доьзална а накъосташна а совгӀаташ далар, Бостон-марафонехь теракт йарна бехкевинчу Царнаевн Байденс кхел тӀечӀагӀйар – цунах а, доцчуху а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 95-чу подкастехь.

Жигархочун Нохчийчуьра гергара нах лечкъийна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #94 20.12.2024

Нохчийн спецназан командирах университетан "сийдолу профессор" хилла, Нохчийчоьнна дронашца доьалгIа тIелатар дина, жигархочун Нохчийчуьра гергара нах лечкъийна – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 94-чу подкастехь.

Нохчийчохь – тIом болабелчхьана кхоалгIа дронашца тIелетта | МАРШОНАН ПОДКАСТ #93 13.12.2024

Нохчийчохь – тIом болабелчхьана кхоалгIа дронашца тIелетта, "Ахмат" спецназан командирана Алаудинов Аптина кхин а цхьа совгIат делла, Украинехь тIом боьдучу йукъанна Кадыровс шен т1еман дакъош кхузза алсамдаьхна, ткъа цуьнан йоIа кху деношкахь шен доттагIашна ах миллион мах болу хIазарш делла. Цунаха, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 93-чу подкастехь.

Австрин кхело нохчийн мухIажар Оьрсийчоьне дIалуш вац | МАРШОНАН ПОДКАСТ #92 06.12.2024

Кадыров Рамзана украинхойн йийсархойх дина дӀахьедар, Нохчийчохь дронашца дина тӀелатар,Францехь лаьцна Нохчийчуьра бахархой, Австрера кхело нохчийн мухIажаран хьокъехь бина сацам - цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 92-чу подкастехь.

Путинан омраца Яндарбиев вийна хилар гучудаьлла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #91 29.11.2024

Журавель Никитина дина керла таIзар, Нохчийчохь байинчу нахах йелла компенсацеш, Американ талламхойн Яндарбиев Зеламха верах лаьцна хаамаш - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 91-чу подкастехь.

Кадыровна «кIелойан» гIортарх кхин а керла хаамаш гучубевлла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #90 27.11.2024

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна кIело кечйарх долийна "хабар", Европера нохчий арабахарна дуьхьал митингаш, Кадыровна ца тайна къух даьлла керташ - цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радиjн 90-чу подкастехь.

Мусаева заремин керла гIуллакх | МАРШОНАН ПОДКАСТ #89 15.11.2024

Мусаева Заремина дуьхьал айдина керла гIуллакх, нохчийн жигархочо Кадыровна полици арз дар – оцу доллучух лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 89-чу подкастехь.

Латтана тIехула Дагестанера дов | МАРШОНАН ПОДКАСТ #88 08.11.2024

Дронашца тӀелатар дина, Нохчийчохь ницкъохоша талламаш дIахьо, суьлишна а, нохчашна а йукъахь латтана тIехула къовсам хилла -– цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 88-чу подкастехь.

Эжаевн таIзар хийцаза дитар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #87 01.11.2024

Нохчйчохь дронашца динчу тIелатарийн тIаьхье, хьиджабашна тIехула депутатийн "къийсамаш", Эжаевн таIзар хийцаза дитар – цунах а,доцчуху а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 87-чу подкастехь.

Кадыров вен дагахь хилла аьлла шайггара долор | МАРШОНАН ПОДКАСТ #86 01.11.2024

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна йина а ца хилла кIело, велла дIаваллалц набахтехь йаккха хан тоьхначу экс-сенаторо Арашуковс Кадыровга гечдар дехар, цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 86-чу подкастехь.

Австрехь лаьцначу нохчочун могашалла талхар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #85 18.10.2024

Кадыровс чIир кхайкхош кхерамаш тийсарх хеттарг, Соьлжа-ГӀалахь йагорг йуттучу станцехь хилла эккхар, Австрехь лаьцначу нохчочун могашалла талхар – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 85-чу подкастехь.

Сенаторна Керимов Сулейманна чIир кхайкхийна Кадыров Рамзана | МАРШОНАН ПОДКАСТ #84 11.10.2024

Дагестанан цIарах сенаторна Керимов Сулейманна чIир кхайкхийна Кадыров Рамзана, харцахьа лела Нохчийчуьра кегийрхой тIамтIе хьийсор бу, Польшера экстрдици йина нохчийн мухIажарна, - оцу доллучух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 84-чу подкастехь.

Listen to the МАРШОНАН ПОДКАСТ podcast in Replaio

Radio and podcasts in one app - free, with no sign-up. Install today and do not miss the launch

Get it on Google Play

Replaio is not a podcast publisher; show names, artwork and audio belong to their authors and are distributed through public RSS feeds.