Marsho Radio
МАРШОНАН ПОДКАСТ
Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, царах лаьцна дIахьедар стенна оьшу а.
Where to listen?
Podcasts in the app Replaio Radio Coming soonPodcasts are coming to the app soon. Install now and be the first to see a whole new take on podcasts
Episodes
Алаудинов Аптина эххар а схьакарийна «дажал» 06.03.2026 10:59
Нохчийн совдегар Джабраилов Iумар кхелхина, Мусаева Заремин хьокъехь керла сацам кхайкхийна, ша лаца гIоьртина шен белхан накъост вийна Нохчийчохь полисхочо. Цунах а, и доцчух а лаьцна дуьцур ду шуна Маршонан хIора кIиранах арахоьцучу подкастехь.
Никъаб лелорна Оьрсийчохь гIуда тоха дагахь бу 27.02.2026 12:01
Нохчий, галгIай цIерабаьхна 82 шо кхечи, Казахстанан Iедалша Мовлаев шайн махкахь вуьту, Оьрсийчохь йуха а къуьйсу никъаб. Цунах а, и доцчух лаьцна дуьйцур Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу подкастехь.
Кадыров Адам цIавирзина 13.02.2026 12:13
Казахстанан аэророртера нохчо дIахецар доьху, Кадыров Адам цIавирзина, Алаудиновн керла дов - цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу подкастехь.
Алаудиновга бераша бина кхайкхам 11.02.2026 10:00
Баймурадова Iайшатан гIуллакхах лаьцна керланиг, нохчийн эскархо кхеле хIоттор, Дагестанера моллас шен зуда йер. Цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу подкастехь.
20 шо долчу Кадыровн кIантах вице-премьер вар, бертаза тIаме хьажийна Чергизовн валар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #128 09.01.2026 10:53
Керлачу шарахь Нохчийчоьнан Ӏедалан коьртехь хилла хьалхара хийцамаш, Кадыровн могушалла эшна йогIу бохуш, даьржина хабарш, Францехь йийначу нохчийн зудчух лаьцна керла хаамаш- цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршонан 128-чу подкастехь.
КадыровгIара хьалхе захалонаш дар йемалдина бакъонашларйархоша | МАРШОНАН ПОДКАСТ #127 26.12.2025 11:44
КадыровгIара санна, хьалххе доьзал чуберзо беза аьллачу Путинна критика йина бакъонашларйархоша, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен кIантаца дIасахийцина мидалш, Басаев Шемалан тобанехь хилла ву аьлла стаг лаьцна Ставрополехь. Цунах а, и доцчух лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 127-чу подкастехь.
Германера «Кадыровн стаг» | МАРШОНАН ПОДКАСТ #126 12.12.2025 9:59
Соьлжа-ГIалахь дронашца тохарш динчул тIаьхьа Москвара кхаьчна совгIаташ, Оьрсийчоьнан омбудсмено нохчийн инарла волчу Алауидиновн агIо лацар, цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна хIора кIиранах арахоьцучу Маршо Радион 126-чу подкастехь.
Нохчийчохь дронаша дина тохарш | МАРШОНАН ПОДКАСТ #125 05.12.2025 11:59
Нохчийчохь цхьана чуьра виъ стаг тIамтIе хьажийна нуьцкъаша, зударшна дихкина божарша къоман духаршца лелочу бустамех пайдаэцар, таIзар догIу Кадыровн векал маьрша ваьккхина -цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 124-чу подкастехь.
Нохчийчохь цхьана чуьра виъ стаг тIамтIе хьажийна нуьцкъаша | МАРШОНАН ПОДКАСТ #124 21.11.2025 12:13
Нохчийчохь цхьана чуьра виъ стаг тIамтIе хьажийна нуьцкъаша, зударшна дихкина божарша къоман духаршца лелочу бустамех пайдаэцар, таIзар догIу Кадыровн векал маьрша ваьккхина -цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 124-чу подкастехь.
Кадыров бахьана долуш балха лелаш вац Керимов Сулейман | МАРШОНАН ПОДКАСТ #123 14.11.2025 11:44
Баймурадова йеран хьокъехь бехкзуламан гIуллакх долийна, Сочихь Путинан кабинетах терра чоь кечйина, иза волу меттиг къайлайахьа, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Раддион 123-чу подкастехь.
Ниццехь ворхI беран нана йер | МАРШОНАН ПОДКАСТ #122 07.11.2025 13:03
Баймурадова Iайшатан гIуллакхера керланиг, Ниццехь ворхI беран нана йер, нохчийн муфтийн Оьрсийчоьнан коьртачу раввинца иккхина дов, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан хIора кIиранах арайолучу 122-чу подкастехь.
Нохчийчохь Путинан цIарах кхел схьайеллар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #121 31.10.2025 13:21
Нохчийчуьра йедда хиллачу йоьIан гIуллакх, Уфахь «тIехьожург» лацар, ткъа Нохчийчохь Путинан цIарах кхел схьайеллар - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна хIора кIиранах Маршо Радионо арахоьцучу подкастан 121-чу декъехь.
Эрмалойчохь йийна нохчий йоI | МАРШОНАН ПОДКАСТ #120 24.10.2025 11:38
Эрмалойчохь нохчийн йоьIан йалар, Боснира араваьккхина ши нохчо, "Ахмат" спецназана лийначу Белгородера йахархочунна гIуда тохар, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 120-чу подкастехь.
Нохчийн сий дайъинчу Щепихинна хантохар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #119 17.10.2025 8:37
Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, националистийн а 500 соьмана тIехула даьлла дов, Бусалба нехан дог-ойла аьшнаш йарна блогерна таIзар дар, кадыровхоша лачкъийначу Щепихин Арегна хан тохар. Цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арахоьцучу 119-чу подкастехь.
Йартийн цIераш хийцар баледалар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #119 10.10.2025 10:09
Нохчийчохь йартийн цIераш хийцаро Думехь гIовгIа эккхийтина, керла ахча йукъадаккхар къуьйсу тIеман корреспондеташа Кадыровца, нохчийн совдегаро тIаме кхайкхар йемалдина - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 119-чу подкастехь.
Нохчийн кхиазхочунна хан тоьхна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #118 03.10.2025 10:21
Нохчийн кхиазхочунна хан тоьхна, Нохчийчуьра блогерш чоьте эцна, йагорг йуттучу меттигехь герз диттина нах лоьху ГIалгIайчохь - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду оха Маршонан 118-чу подкастехь.
Соьлжа-ГIалахь оьккхуьйтург йиллинарг лаьцна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #117 26.09.2025 10:11
Хьешан цIенна хьалха оьккхуьйтург йилларна шеконашца стаг лаьцна Соьлжа-ГIалахь, нохчийн бакъонашларйархо Арцуев Аслан федералан лехамашка велла, Нохчийчуьра таксхочунна 15 дей-буьйсий тоьхна мухIажарийн политикех лаьцна забарш йарна, цунах а, и доцчух а лаьцна шуна хезар ду Маршонан 117-чу подкастехь.
Нохчийчохь терроризм эшийна аьлла Кадыровс йуха а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #116 19.09.2025 11:13
Нохчийчохь терроризм эшийна аьлла Кадыровс йуха а, нохчийн Iедалхой Пугачевана дуьхьал бу, Дагестанехь доьазза совдаьлла къизаллица зуламаш дар - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 116-чу подкастехь.
Британино санкцеш кхайкхийна Кадыровн фондана | МАРШОНАН ПОДКАСТ #115 05.09.2025 9:53
Бесланехь йохийначу школехь дагалецира 2004-чу шеран терактехь хIаллакбина нах, Киево бехкаш дехкина Кадыровна, Британино санкцеш кхайкхийна Кадыровн фондана, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 115-чу подкастехь.
Нохчийчохь вайна кIант лехар а, КадыровгIеран пиар а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #114 15.08.2025 10:34
Нохчийчохь вайна кIант лоьхуш хиларх Кадыров Адам вазвархьама пайдаэцна боху, ХӀинжа-ГӀалара бахархой йуха а дуьхьалбевлла ток дIайаккхарна,доьзалехь гIело латторна ГIалгIайчохь вайна кхиазхо зIене ваьлла – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 114-чу подкастехь.
Мусаева Заремина кхин а диъ шо гергга хан тоьхна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #113 08.08.2025 9:51
Мусаева Заремина кхин а диъ шо гергга хан тоьхна, ГIазза секторан бахархошна гулдечу ахчана тIехь терго латтор йу Кадыров Адама, ХIирийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а йукъарчу постехь мацалла кхайкхийна пхеа украинхочо – цунах а, и доцчух а ладогIа таро хир йу шуна тхан 113-чу подкастехь.
Нохчийн Iедало Украинера тӀамна хьажийна ахча | МАРШОНАН ПОДКАСТ #112 11.07.2025 9:16
Нальчикехь полисхочунна дина тӀелатар, нохчийн Iедало Украинера тӀамна хьажийна ахча а, Мусаева Заремин кхелехь хилла ладегIарш а – цунах а доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 112-чу подкастехь.
ГIалгIайхочь вайнарг а, Нохчийчохь лецнарш а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #111 04.07.2025 9:13
Нохчийчохь доккха ловзар хIоттийра 17 шо долчу Кадыров Адамна зуда йалийначохь, Кадыров Рамзанна могушалла йоьхуш, доIанаш дар доьхуш махкахь бина кхайкхам, "Ахмат" спецназан буйранчан Алаудинов Аптин сахьтаца йозна скандал, Соьлжа-ГӀалахь кхо кхиазхо ахшарахь полицехь лаьцна латтор а, - цунах а доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 111-чу подкастехь.
"Оьрсийн йукъаралла" нохчийн берашна дуьхьал йаьлла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #110 27.06.2025 8:46
«Оьрсийн йукъаралла» нохчийн берашна дуьхьал йу, Мусаева Заремин кхеле ца веъна волайнхо, депортаци йина иттанашкахь украинхой бу хIирийн а, гуьржийн а дозанера ларми чохь латтош - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 110-чу подкастехь.
Нохчийчуьра командиро эскархошкара кхаьънаш дахар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #109 20.06.2025 11:00
Ши шо хьалха лачкъийна Сулейманова Седа лехамашка йелла полицино, ГIажарийчоьнан а, Израилан а тIамах пропагандин гIирс хилла Къилбаседа Кавказехь, садаIа цIа бохуьйтург эскархошкара кхаьънаш даьхначу Нохчийчуьра командирна кхел йина – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 109-чу подкастехь.
Replaio is not a podcast publisher; show names, artwork and audio belong to their authors and are distributed through public RSS feeds.