Marsho Radio
МАРШОНАН ПОДКАСТ
Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, царах лаьцна дIахьедар стенна оьшу а.
Where to listen?
Podcasts in the app Replaio Radio Coming soonPodcasts are coming to the app soon. Install now and be the first to see a whole new take on podcasts
Episodes
Нохчийн оппозицерчу жигархошна йуккъехь иккхина конфликт, Москвахь дагийна КъурIан | МАРШОНАН ПОДКАСТ #7 21.04.2023 12:39
Йийсархошца цхьаьнакхета ца лиина Кадыров, даккхийчу зуламашкахь зебеллачу хьаькамашна "турпалхойн" мидалш йалар, Нохчийн оппозицерчу жигархошна йуккъехь иккхина конфликт, Москвахь дагийна КъурIан - цу дерригенах а, кхиндолчух а Маршо радион 7-чу подкастехь.
Зеленскина Ичкерин орденаш йалар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #6 14.04.2023 14:56
Зеленскина Ичкерин орденаш йалар, Украино кечдина контртIелатар Кадыровс къобалдар, Нохчийчуьра эскархо кема эккхийта кхерамаш тийссарна дIалацар, ГIалгIайчохь лаьттан дов хьокъехь дIалийцинчу митингахошна Еврокхело магийна компенсаци, Кадыровн йоьIаршна делла шеконе совгIаташ – цунах дуьйцу Маршо Радион 6-чу подкастехь.
Бюджетникашка Кадыров хеставе бахар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #5 07.04.2023 13:47
ГIалгIайчохь полисхошна бина тIелатамаш, Москвахь дан леринчу маьждигна дуьхьалонаш йар, цу хиламна Кавказан реакци, бюджетникашка Кадыров хеставе бахар, Соьлжа-гIалахь керла къайлах набахти карор, Нохчийчоьнан куьйгалхочун галйаьлла хилла тарло могушалла – цунах дуьйцу Маршо Радион 5-чу подкастехь.
Нохчийчуьрчу Гуьмсехь герз диттина вийна ши стаг | МАРШОНАН ПОДКАСТ #4 31.03.2023 14:45
Нохчийчохь дIа а гойтуш, тIемалой хила тарлурш байар, Кадыров Рамзанан хилла критик Соьлжа-гIалахь гучувалар, Соьлжа-гIалин йуккъехь цхьа тамашийна баннер хIоттор, КадыровгIарна "Хьакъволу бакъонашларйархо" мидалш йалар - цунах дуьйцу "Маршо" Радион йоьалгIачу подкастехь.
Кадыровн кхерамашна Германин реакци | МАРШОНАН ПОДКАСТ #3 24.03.2023 8:39
Кадыровс туьйсучу кхерамашна Германерчу Iедалхойн реакци, Соьлжа-гIалахь дIахьош болу "къоман гулам", таIзарш дарна гIуллакх гIаттор кхойтталгIа а тIе цаэцар, Францин цIарах леттачу нохчийн латархойн дашо мидалш - цу дерригенах лаьцна ду Маршонан 3-чу подкастехь.
Ямадаев верна шеконашкахь хиллачун бехк хийцар а, Кадыров Путинца цхьаьнакхетар а |МАРШОНАН ПОДКАСТ #2 17.03.2023 10:48
Ямадаев верна шеконашкахь хиллачун бехк хийцина, Путинца цхьаьнакхетта Кадыров, Пригожинца къовсаме ваьлла нохчийн куьйгалхо, Кадыровн йоIа Iуналла дийр ду могушалла Iалашйарна тIехь. Нохчийчоьнца боьзначу коьртачу хиламех лаьцна довзуьйтур ду шуна Маршонан 2-чу подкастехь.
Кадыровн кIанта зуда йалор |МАРШОНАН ПОДКАСТ #1 10.03.2023 9:33
Соьлжа-ГIалахь "ДНР-ра" эскархой тIаме кхийлар, Алаудинов Аптина дIовш даларна тIехула гIуллакх долор, Нохчийчоьан куьйгалхочун кIанта къайлаха той хIоттор, Кадыров Рамзанан Чехера говр тIепаза йар а. Дайначу кIирнахь Нохчийчоьнца боьзначу коьртачу хиламех лаьцна дуьххьаралерачу Маршонан подкастехь довзуьйтур ду шуна.
Replaio is not a podcast publisher; show names, artwork and audio belong to their authors and are distributed through public RSS feeds.