Marsho Radio
МАРШОНАН ПОДКАСТ
Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, царах лаьцна дIахьедар стенна оьшу а.
Vizitează neapărat site-ul podcastului și susține-i creatorul: podcasters.spotify.com
Autor
Marsho Radio
Categorie
Site-ul podcastului
Cel mai nou episod
6 mar. 2026
Unde asculți?
Podcasturi în aplicație Replaio Radio În curândPodcasturile ajung în curând în aplicație. Instaleaz-o acum și fii primul care descoperă o abordare complet nouă a podcasturilor
Episoade
ГIалгIайчуьра вахархочо хьехархо вийна Францихь | МАРШОНАН ПОДКАСТ #33 20.10.2023 13:39
ГIалгIайчуьра вахархочо хьехархо вийна Францихь, Украинана дуьхьал тIемаш беш хилла Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан къилбера а велларг пхи эзарал сов ву, шен пиаран дуьхьа Израилан а, Хамасан а тIамах пайдаоьцуш схьавогIу Кадыров– цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 33-чу подкастехь.
Хорватехь биссина нохчийн мухIажарш | МАРШОНАН ПОДКАСТ #32 13.10.2023 12:58
Израилна, ХЬАМАСНА йуккъерчу тIамах Кадыровс дIахьедар, КъурIан дагорна лаьцначун гIуллакхера керланаш, Хорватехь биссина нохчийн мухIажарш – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 32-чу подкастехь.
Кадырова Iайшат –вице-премьер а, мехкан халкъан артист а йу | МАРШОНАН ПОДКАСТ #31 06.10.2023 12:44
Соьлжа-ГIалара СИЗО-хь йеттарна бехкзуламан гIуллакх доло дуьхьал хиларх, Нохчийчохь хIусамехь гIело латторна йеддарг, Кадырова Iайшат –вице-премьер а, мехкан халкъан артист а йу. Цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 31-чу подкастехь.
ДIабохорах лаьцна дуьйцу книга йемалйина Нохчийчуьрчу Iедало | МАРШОНАН ПОДКАСТ #30 29.09.2023 14:48
КъурIан дагорна лаьцначунна йеттина волу шен кIант хастийна Кадыровс, дIабохорах лаьцна дуьйцу книга йемалйина Нохчийчуьрчу Iедало, Чимаев Хьамзат Эмираташка дIавахана – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 30-чу подкастехь.
"Ахматера" дов а, Кадыровн могушалла а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #29 28.09.2023 14:32
Кадыров Рамзанан могушалла, "Ахмат" спецназехь даьлла дов, Нохчийчуьра ши министр сада1а вахийтар, республикера лаккхарчу хьаькамашна пачхьалкхан совг1аташ далар – цунах а, кхиндолчух а дуьйцур ду Маршо Радионан 29-чу подкастехь.
Хангошвили Зеламха вийнарг хийца гIерта Путин | МАРШОНАН ПОДКАСТ #28 15.09.2023 10:12
Хангошвили Зеламха вийнарг хийца гIерта Путин, Нохчийчохь лачкъийнчу Лапунов Максиман хьокъехь Европан кхелан сацам, нохчийн жигархойн ненан Мусаева Заремин хан лахйар – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радионан хIора кIиранах арахоьцучу 28-чу подкастехь.
Бусулбанийн духаршна тIехула девнаш | МАРШОНАН ПОДКАСТ #27 08.09.2023 12:50
Бакъоларйархойн Къилбаседа Кавказера хьолах рапорт, 13 шо долу кIант лачкъон адвокатана кхерамаш тийсар, КадыровгIеран доьзална декъна керла совгIаташ, бусулбанийн духаршна тIехула девнаш – цунах а, кхиндолчух а хезар ду шуна Маршонан 27-чу подкастехь.
Кадыровн Iаткъам а, Пригожин дIаволлар а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #26 01.09.2023 11:17
Кадыровн Iаткъам а, Пригожин дIаволлар а, "Iазапашна дуьхьал Команда" арахьара агент ларар, Кадыровн кIанта "корматалла йолчу" ницкъахошлахь толам баккхар – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 26-чу подкастехь.
Iедалх ведда нохчо ГIиргIазойчохь лацар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #25 25.08.2023 11:07
Iедалх ведда нохчо ГIиргIазойчохь лацар, кадыровхоша лачкъийна йоI, нохчийн бакъоларйархо Янгулбаев лехамашка валар, – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 25-чу подкастехь.
Кадыровхоша тIеман гIирс бехар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #24 19.08.2023 10:34
ХIинжа-ГIалахь хиллачу лелхийтарийн бахьанаш, кадыровхоша а, Украинера Оьрсийчоьнан комедатуро а герзаш кхийсар, Кадыровн кIанта йиттина шена аьлла, КъурIан дагийначо бина латкъам – цунах, кхиндолчух а Маршо Радион 24-чу подкастехь.
Нохчийчохь Iазап лайначийн дийцарш | МАРШОНАН ПОДКАСТ #23 11.08.2023 11:12
Нохчийчохь Iазап лайначийн дийцарш, ЯнгулбаевгIеран гергарнаш Украине хьовсор, Кадыров Ахьмадна леринчу Казахстанерчу хIолламашна тIелатар дар, – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 23-чу подкастехь.
Украинхойн дозанера кадыровхойн пиар-операци | МАРШОНАН ПОДКАСТ #22 04.08.2023 10:53
Украинхойн дозанера кадыровхойн пиар-операци, Соьлжа-ГIалара дешархочунна полисхой тIаьхьабовлар, гIело латторах луьстучу гIуллаккхна йукъараваьлла суьдхо – цунах а, кхиндолчух а дуьйцур ду оха Маршонан 22-чу подкастехь.
Нохчийн политикан гергарниг Украинерчу тIаме хьажийна Кадыровс | МАРШОНАН ПОДКАСТ #21 28.07.2023 9:33
Нохчийн политикан гергарниг Украинерчу тIаме хьажийна Кадыровс, иллиалархочун Бакаев Зеламхин гIуллакхехь керла хаамаш гучубевлла – цунах лаьцна а, кхиндолчух а хезар ду шуна Маршонан 21-чу подкастехь.
Даймахка даьхкинчу нохчийн берашна герз кхийса Iамор | МАРШОНАН ПОДКАСТ #19 14.07.2023 13:18
Даймахка даьхкинчу нохчийн берашна герз кхийса Iамор, Кадыровн вешин кIантана орден йалар, Нохчийчохь тIом бина волу лакхара даржера эскархой вер – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 19-чу подкастехь.
Нохчийчохь динчу тIелатарах Iедалхошна хетарг | МАРШОНАН ПОДКАСТ #18 07.07.2023 15:16
Журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а йиттича Iедалхошна хеттарг; дукха ваха ца лаьа Кадыров; дIахецна адвокат Идалов – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду Маршонан 18-чу подкастехь.
Оьрсийчоьнан къилбера Пригожинан гIаттаман тIаьхье | МАРШОНАН ПОДКАСТ #17 30.06.2023 12:04
Оьрсийчоьнан къилбера Пригожинан гIаттаман тIаьхье, Дагестане вахана Путин, доьзалера ницкъбарх йеддачу нохчийн йоьIан кхоллам, Нохчийчуьра къоьлла. Цунах а, кхиндолчух а дуьйцур ду оха Маршонан 17-чу подкастехь.
Кадыровн вешин кIанта нохчийн кегийрхошна кхерамаш тийсар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #16 23.06.2023 11:27
Кадыровн вешин кIанта нохчийн кегийрхошна кхерамаш тийсар, прокуратуро Мусаевина 5 шо хан хIоттор, Нохчийчуьра йолахо тIаме ваха цалаарна балхара дIаваккхарна тIетайна кхел. Цу дерригенах а, кхиндолчух "Маршо" радион 16-чу подкастехь.
Кадыровхоша тIеман министраллица дина контракт | МАРШОНАН ПОДКАСТ #15 16.06.2023 10:53
Кадыровн накъост Делимханов Адам лазийна аьлла хаам баржор, "Ахмат" тобано т1еман министраллица барт бар, кадыровхой Белгороде хьовсор, доьзалехь шен йинчу г1елонах йедда нохчийн йо1 - цу дерригенах, кхиндолчух а Маршо Радион 15-чу подкастехь.
Украинана дуьхьал нохчий бертаза тIаме хьийсор | МАРШОНАН ПОДКАСТ #14 09.06.2023 12:16
Оьрсийчохь тIом бан лууш ву Кадыров, нохчийн кортежна тIехула Гуьржийчуьра къийсамаш, Украинана дуьхьал нохчий бертаза тIаме хьийсор – цу дерригенах а, кхиндолчух а "Маршо" Радион 14-чу подкастехь дуьйцур ду.
Кадыровхой "ДНР" олучу метте дехьабахар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #13 02.06.2023 11:45
Кадыровхой "ДНР" олучу метте дехьабахар, Нохчийчоьнан куьйгалхочун, ЧВК "Вагнеран" долахочун гергарло дохорхьама Кремло лелориш, адвокат Идалов дIалаьцначохь кхин дIа а витар, Нохчийчуьра Арсамиков Идрис лачкъорна гIуллакх цадолор - цу дерригенах а, кхиндолчух а дуьйцур ду "Маршо" радион 13-чу подкастехь.
"Яндекс.Таксина" дуьхьала Нохчийчохь йина рейдаш, Закаевн вешин кIант лачкъор | МАРШОНАН ПОДКАСТ #12 26.05.2023 13:39
Оьрсийчуьра араволуш кадыровхо дIалацар, нохчочунна депорт йаран кхерам, Закаевн вешин кIант лачкъор, Хорватехь нохчийн мухIажар маьршаваккхар, "Яндекс. Таксина" дуьхьала Нохчийчохь йина рейдаш - цу дерригенах а, кхиндолчух а "Маршо" радион шийтталгIачу подкастехь дуьйцур ду.
Украинехьа тIом бина нохчийн тIемало Соьлжа-гIала йухаверзар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #11 19.05.2023 14:20
Доьзалехь Iазап лайначу ГIалгIайчуьрчу йоьIан дIакхалхар, Украинехьа тIом бина нохчийн тIемало Соьлжа-гIала йухаверзар, Кадыров Рамзанан Чехера говр лачкъийна, цIайалор, ХIирийчохь къизаллийца адам дийна полисхо набахтера арахецар - цу дерригенах а, кхиндолчух а "Маршо" радион цхьайттaлгIачу подкастехь.
Иракъерчу набахтехь Къилбаседа Кавказерчу зударша кхайкхийна мацалла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #10 12.05.2023 12:20
Йийсаре кхачарна Кадыровга гечдар дехар, Иракъерчу набахтехь Къилбаседа Кавказерчу зударша кхайкхийна мацалла, кхин а цхьа нохчийн оппозиционер федералан лехамашка валар - цу дерригенах а, кхиндолчух а дуьйцур ду Маршо Радион иттолгIачу подкастехь.
Пригожин "сацон" лерина болу нохчийн Iедалхой, Нохчийчуьра вахархочо шена гечдар дехар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #9 05.05.2023 9:55
"Iазапехь лаьттачу къаьмнашна" тIехIутту эскар вовшахтоха Кадыровна дагадар, Пригожин "сацон" лерина болу нохчийн Iедалхой, Нохчийчуьра вахархочо шена гечдар дехар, "терроризмаца къийсам латторна" Кадыровн невцана дина совгIат - цу дерригенах а, кхиндолчух а дуьйцур ду Маршо Радион иссолгIачу подкастехь.
Гуьржийчохь дIалаьцна ПIаьнкIазан чIожера вахархо | МАРШОНАН ПОДКАСТ #8 28.04.2023 12:06
Украинин кхерамзаллин урхалло нохчийн парламентан куьйгалхочуьнга кховдийна шеконаш, Хорватерчу нохчийн мухIажарша кхайкхийна мацалла, Францера нохчо араваккхар - цу дерригенах, кхиндолчух а "Маршо" радион бархIолгIачу подкастехь.
Replaio nu este editorul podcasturilor; numele emisiunilor, coperțile și materialul audio aparțin autorilor lor și sunt distribuite prin fluxuri RSS publice