Marsho Radio

МАРШОНАН ПОДКАСТ

News CE ↓ Επεισόδια: 132

Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, царах лаьцна дIахьедар стенна оьшу а.

Μην παραλείψεις να επισκεφτείς τη σελίδα του podcast και να στηρίξεις τον δημιουργό: podcasters.spotify.com

Δημιουργός

Marsho Radio

Κατηγορία

News

Ιστοσελίδα του podcast

podcasters.spotify.com

Τελευταίο επεισόδιο

6 Μαρ 2026

Πού να ακούσεις;

Podcast στην εφαρμογή Replaio Radio Έρχεται σύντομα

Τα podcast έρχονται σύντομα στην εφαρμογή. Εγκατάστησέ την τώρα και δες πρώτος μια εντελώς νέα προσέγγιση στα podcast

Κατέβασέ το από το Google Play Δωρεάν εγκατάσταση Android σχεδόν 10 εκατ. λήψεις · βαθμολογία 4,7+ iOS σύντομα

Επεισόδια

Нохчийн оппозицерчу жигархошна йуккъехь иккхина конфликт, Москвахь дагийна КъурIан | МАРШОНАН ПОДКАСТ #7 21.04.2023

Йийсархошца цхьаьнакхета ца лиина Кадыров, даккхийчу зуламашкахь зебеллачу хьаькамашна "турпалхойн" мидалш йалар, Нохчийн оппозицерчу жигархошна йуккъехь иккхина конфликт, Москвахь дагийна КъурIан - цу дерригенах а, кхиндолчух а Маршо радион 7-чу подкастехь.

Зеленскина Ичкерин орденаш йалар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #6 14.04.2023

Зеленскина Ичкерин орденаш йалар, Украино кечдина контртIелатар Кадыровс къобалдар, Нохчийчуьра эскархо кема эккхийта кхерамаш тийссарна дIалацар, ГIалгIайчохь лаьттан дов хьокъехь дIалийцинчу митингахошна Еврокхело магийна компенсаци, Кадыровн йоьIаршна делла шеконе совгIаташ – цунах дуьйцу Маршо Радион 6-чу подкастехь.

Бюджетникашка Кадыров хеставе бахар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #5 07.04.2023

ГIалгIайчохь полисхошна бина тIелатамаш, Москвахь дан леринчу маьждигна дуьхьалонаш йар, цу хиламна Кавказан реакци, бюджетникашка Кадыров хеставе бахар, Соьлжа-гIалахь керла къайлах набахти карор, Нохчийчоьнан куьйгалхочун галйаьлла хилла тарло могушалла – цунах дуьйцу Маршо Радион 5-чу подкастехь.

Нохчийчуьрчу Гуьмсехь герз диттина вийна ши стаг | МАРШОНАН ПОДКАСТ #4 31.03.2023

Нохчийчохь дIа а гойтуш, тIемалой хила тарлурш байар, Кадыров Рамзанан хилла критик Соьлжа-гIалахь гучувалар, Соьлжа-гIалин йуккъехь цхьа тамашийна баннер хIоттор, КадыровгIарна "Хьакъволу бакъонашларйархо" мидалш йалар - цунах дуьйцу "Маршо" Радион йоьалгIачу подкастехь.

Кадыровн кхерамашна Германин реакци | МАРШОНАН ПОДКАСТ #3 24.03.2023

Кадыровс туьйсучу кхерамашна Германерчу Iедалхойн реакци, Соьлжа-гIалахь дIахьош болу "къоман гулам", таIзарш дарна гIуллакх гIаттор кхойтталгIа а тIе цаэцар, Францин цIарах леттачу нохчийн латархойн дашо мидалш - цу дерригенах лаьцна ду Маршонан 3-чу подкастехь.

Ямадаев верна шеконашкахь хиллачун бехк хийцар а, Кадыров Путинца цхьаьнакхетар а |МАРШОНАН ПОДКАСТ #2 17.03.2023

Ямадаев верна шеконашкахь хиллачун бехк хийцина, Путинца цхьаьнакхетта Кадыров, Пригожинца къовсаме ваьлла нохчийн куьйгалхо, Кадыровн йоIа Iуналла дийр ду могушалла Iалашйарна тIехь. Нохчийчоьнца боьзначу коьртачу хиламех лаьцна довзуьйтур ду шуна Маршонан 2-чу подкастехь.

Кадыровн кIанта зуда йалор |МАРШОНАН ПОДКАСТ #1 10.03.2023

Соьлжа-ГIалахь "ДНР-ра" эскархой тIаме кхийлар, Алаудинов Аптина дIовш даларна тIехула гIуллакх долор, Нохчийчоьан куьйгалхочун кIанта къайлаха той хIоттор, Кадыров Рамзанан Чехера говр тIепаза йар а. Дайначу кIирнахь Нохчийчоьнца боьзначу коьртачу хиламех лаьцна дуьххьаралерачу Маршонан подкастехь довзуьйтур ду шуна.

Άκου το podcast МАРШОНАН ПОДКАСТ στο Replaio

Ραδιόφωνο και podcast σε μία εφαρμογή - δωρεάν, χωρίς εγγραφή. Εγκατάστησέ την σήμερα και μη χάσεις την πρεμιέρα

Κατέβασέ το από το Google Play

Το Replaio δεν είναι εκδότης podcast - τα ονόματα των εκπομπών, τα εξώφυλλα και ο ήχος ανήκουν στους δημιουργούς τους και διανέμονται μέσω δημόσιων ροών RSS